Ас декъалбо районан бахархой Дала базбина баийтина сийлахь, беркате, беза мархийн бутт чекхбаларца, марханаш дастаран дезчу денца.
Шеран шийтта баттах цхьаъ болу Рамазанан беттан марханаш кхобуш, бусалба наха шайн ерриге а ойла Далла т1еерзийна яра. Ламазашкахь, до1анашкахь х1ораммо дехнарг вайн сийлахь Кхолламхо реза волчу тобанах дар, къиношна гечдар, ийман ислам ваьшкахь а, вешан доьзалшкахь а алсамдаккхар дара.
Х1окху дезчу дийнахь гучудовлу б1ешерашкахь ч1аг1делла исламан башха ламасташ. Цара къаьсттина мехала маь1на леладо халкъ ийманехь, оьздангаллехь ч1аг1дарехь.
Веза хилла волчу Дала марханаш къобалдойла вайн, лайна хало меле язйойла, могуш, маьрша, бертахь хуьлийла ванй дахар. Х1ора х1усаме, х1ора доьзале хазахетар, барт, токхо, аьтту бохьийла марханаш дастаран дезчу дийно.
Т1ейог1учу хенахь марханаш лаца, кхаба, даста могашалла, хьуьнар лойла вайна Дала. |