Четверг, 28.03.2024
Администрация Ножай-Юртовского муниципального района
Меню сайта
Наш опрос
Оцените наш сайт
Всего ответов: 95
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0

11:48
16.03.2013 Санитарни ц1анояран бутт Х1айттараллица къахьийгира х1ораммо а
Вайн халкъалахь белхи вовшахтохар геннара схьадог1уш ду. Белхи вовшахтуху юьртахочунна х1усам юг1уш г1о деш, хина т1ай туьллуш, тодеш, юьрта хи далош, докъарш хьокхуш, ялта чудерзош, и. д1.кх.
  Д1адаханчу к1иранахь санитарни ц1анояран бутт д1ахьош, райцентрехь, районан ярташкахь дуккха а белхаш бира 1аьнан муьрехь гулъелла нехаш д1айохуш, урамнекъаш ц1андеш, тодеш, бежнийн дежийлашна керташ еш, совнаха йолу коьллаш д1айохуш, дитташ кходуш, царна кир тухуш.
Билгалдаккха дог1у, районехь санитарни ц1аноъяран бутт кхачаме, эвсараллица д1абахьарна лерина райцентр а, 52 юрт а барх1 секторе екъна хилар. Царна т1еч1аг1бина бу районан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Лорсанов Са1ид, заместительш Джамаев Аьрзу, Ахмадов Ма1суд, районан учрежденинйн цхьамог1а куьйгалхой.
Райцентрехь йолчу организацийн, учрежденийн, предприятийн куьйгалхоша, говзанчаша, белхалоша дакъалецира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, Авторханов Супьянан, Таймин Биболатан ц1арахчу урамашкара нехаш д1айохуш куьце далорехь. 
Къинхьегаман х1айтаралла хаалора ярташкахь а. Коьрта белхаш д1абаьхьира Нажин-Юьртара Замай-Юьрта, Бена, Тухчарера Замай-Юьрта, Мескитара Герзеле, 1алара долчу асфальтан некъашца. Некъана эксплуатаци яран урхаллин, «Асфальт-4» заводан белхалоша, яртийн администрацийн куьйгалхоша, говзанчаша, белхалоша, хьехархоша, дешархоша, могашалла 1алашъяран, культуран белхалоша, «Единая Россия» партин  декъашхоша жигара г1уллакхаш дира белхан меттигаш, некъаш тодеш, совнаха гулъелла нехаш д1айохуш, дитташ кходуш, кир тухуш некъан йистош куце ялош..       

Ярташ хазъеш, куьце ялорехь х1айтаралла хаалуш белхаш бира чекхдаьллачу к1иранахь Зандакъан, Даттахан, Гилнан, Байтаркен, Симсаран яртийн администрацешкахь а. Коьрта тидам т1ебахийтира ярташна т1едог1у, чуьрта жаг1ийн некъаш, некъийн йистош коьллаш д1айохуш, дитташ кходуш, грейдер йоккхуш, кир тухуш куьце далорехь. 1аьнан муьрехь гулъелла нехаш д1айохуш белхаш бира белхан меттигашкахь.
Белхан меттигашкахь хилира районан администрацин куьйгалхочун заместитель, штабан куьйгалхо Джамаев Аьрзу.
Районехь д1ахьош бу санитарни ц1анояран бутт.
        

                                                                 
Н.Даудов
Суьрташна т1ехь: районехь санитарни ц1анояран бутт д1абахьар
Р.Умалатовн суьрташ

Просмотров: 1828 | Добавил: Admin | Рейтинг: 0.0/0
Вход на сайт
Логин:
Пароль:
Поиск
Музуруев А.Г.
Музуруев Асланбек Гапайевич Глава Администрации Ножай-Юртовского муниципального района. Приветствую Вас на официальном сайте Ножай-Юртовского муниципального района.
Календарь
«  Март 2013  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031

ОПРОС НАСЕЛЕНИЯ

Архив записей
Друзья сайта
Copyright MyCorp © 2024
Яндекс.Метрика